Нохчийн Республикин дешаран а,Тилманан а министерствон омрица х1утосург баттахь йукъардешаран х1укматийн 4 классашкахьд1ахьош бу Йерригроссин талламан белхан (ВПР)кепехь нохчийн меттан Регионан таллам
21.05.2024Нохчийн Республикин дешаран а,Тилманан а министерствон омрица х1утосург баттахь йукъардешаран х1укматийн 4 классашкахьд1ахьош бу Йерригроссин талламан белхан (ВПР)кепехь нохчийн меттан Регионан талламан болх(РТБ). И болх дІабахарехь оьшу талламан лараран коьчалш а, маххадоран критереш а, иштта методикин хьехамаш а х/иттийна Нохчийн меттанинститутан дешаран-методикин кхачойаран центро.Нохчийн меттан Регионан талламан болх шина декъах лаьтта:- 1-чу декъо чулоцу 3 т1едиллар (диктант а, йазйинчу текста техь2 тедиллар а);- 2-чу декъо чулоцу 12 тедиллар, царна йукъадог1у талламан лараран коьчал т1ехь йешарна леринчу текстана 9 т1едиллар а.Тахана, х1утосург беттан 16-чу дийнахь, Нохчийн Республикин йукъардешаран х1укматийн 4классийн дешархоша кхочушдира Регионан талламан белхан 1-ра дакъа.Билгалдаккха деза, нохчийн меттан Регионан талламан болх кхочушбан безаро жоьпалла совдоккху хьехархойн а, дешархойн а, ткъа иштта дайн-нанойн а.